ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьржа хIорда тIехула Iамеркан кеманна дукха уллехула даьлла Оьрсийчоьнан Су-30


Су-30, Маршо Радион архивера сурт.
Су-30, Маршо Радион архивера сурт.

Iаьржа хIорда тIехула доьдучу Iамеркан талламан кеманна уллехь, кхераме маневр йина Оьрсийчоьнан тIеман кемано, аьлла дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъийн векалша.

Оьрсийчоьнан Су-30 кема 15 метр уллехула даьлла Iамеркин P-8A кеманна. И бахьана долуш сихха охьадала дезна Iамеркан кеманан.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдо, шаьш шайн кема дуьхьал даьккхира, Iамеркан кема дукха чехка Оьрсийчоьнан дозанна тIедогIуш хиларна бохуш.

Цу тайпа хIуманаш леладо Оьрсийчоьнан кеманаша сих-сиха. Амма цу кепара кхераме маневр йина яцара Мангал-баттахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG