ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров юкъатоьхна Черногорехь Iедал карчо гIортарца доьзначу гIуллакхана


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIе гучуяьлла Черногорехь Iедал карчо гIортарца йьозна Подгорицехь дIахьочу процессехь прокурораша кечдинчу кехаташна юкъахь. Москохара гIо а деш, 2016-чу шарахь Черногорехь Iедал карчо дагахь хилла аьлла кхеле озийначу цу махкарчу оппозицин лидерша Кнежич Милана а, Мандич Андрияс а кехат хьажийна хилла Оьрсийчоьнан векалалле, цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга дIало аьлла.

Цу шимма цу кехата тIехь гIо а доьха шайна, суьдехь кечдинчу кехаташна тIехь хьехош Кадыровн цIе хиларх лаьцна хаам а бо, иза цу гIуллакхан декъашхо волуш санна.

Прокурорийн версица Кадыровс агитаци йина хилла, Черногорин бусалба юкъараллан лидершна юкъахь, "Демфронтаца" юкъаметтигаш лелае хьедал хийцар Iалашонца, бохуш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Кнежича а, Мандича а Лавровга яздинчу кехата тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG