ТIекхочийла долу линкаш

Кхушеран 10 баттахь 90 стаг кхелхина Нохчийчохь некъахьовзамашкахь


Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу некъан полицино (ГИБДД МВД ЧР) бинчу хаамца, кхушеран 10 баттахь 232 некъахьовзам хилла республикехь. Цу бохамашкахь велла 90 стаг, ткъа 371 стаг чевнаш хилла ву.

Уггаре дукха некъашна тIехь инциденташ хилла машенаш чехка хехкарна – 109. Цу тайпачу некъахьовзамашкахь вийна 60 стаг, 205 лазийна ву.

Некъан полицин белхахоша дийцарехь, уггаре дукха нах леш меттигаш баьхкина машенаш нисса дуьхь-дуьхьалкхетар бахьана долуш.

XS
SM
MD
LG