ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий а, таджикаш а летта Саратовн кIоштахь


Саратовн кIошт. Архивера сурт.
Саратовн кIошт. Архивера сурт.

Саратов кIоштарчу зорбанан гIирсаш яздарехь, масийтта дийнахь дов лаьттина цигарчу Междуречье эвлахь цигахь бехачу нохчашна а, таджикашна а юкхъахь. Хиллачу латаршкахь лазийна нах бу шина агIор. Дийцарехь, нохчочун урс тоьхна цхьана латарехь.

Дов эккхаран бахьана хилла кагбина моторан херх. Буй-тIарий доладелла херхан дас шена компенсаце ехначул тIаьхьа цунна иза ца ялар бахьана долуш.

«Тема Саратов» зорбанан гIирсо яздарехь, Междуречье веана хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Саратовехь волу векал Азиев Турпал. Цо дийцарехь, цуьнан аьтто баьлла дов дIадерзо. Шина къомана юкъахь цабезам кхоллабелла хьал ца хIоьттина эвлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG