Хиллачу Югослвехула йолчу Дуьненаюкъарчу Трибуналан кхеташо юкъахъяьккхина ХIаагехь, хорватийн инарло Пральяк Слободана дIов малар бахьана долуш. Иза хилла аппеляцин комиссино бина сацам дIакхайкхийначул тIаьхьа, хаам бо "Би-Би-Си" телеканало.
Кхело листина Пральякан а, цуьнан 5 накъостан а 2013-чу шарахь бина аппелаяцин латкъам. Пральякана 20 шо хан тоьхнера тIеман зуламаш дарна.
Ткъа кхаариндийнахь хиллачу кхеташонехь шена тоьхна хан ма ярра йитиний а, Боснерчу хорватийн лидерна Прлич Ядранкина набахтехь даккха 25 шо тоьхний а хиъча, зорбанан гIирсаша дийцарехь, Пральяк Слободана дIовш мелира, ткъа кхелан ладогIарш юкъахдехира.
Боснера 6 хорват бехке веш ву бусулба нах чубоьхкина латтон концентрацин лагерш ярна.
Герцеговинин а, Юккъерчу Боснин а яккхийн кIошташ вуно чIогIа хIаллак йинера 11 баттахь тIом боьдуш. И дов луьстуш 2006-чу шарахь дуьйна кхело левира 200 гергга теш.
Iедалша тIаьхьо хаам бина, Пральяк велла аьлла.