ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь адамийн бакъонаш муха ларйо дийцира "Кавказ.Реалии" портале мехкан куьйгалхочун цIарх церан бакъонаш ларъян векал винчу Нухажиев Нурдис.

- Нурди, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца долчу хьолан мах муха хадор бара ахь?

- Нохчийчохь чIагIо йоллуш нийсонан механизмаш ю стеган бакъонаш ларъеш. Оьрсийчоьнан цхьана а регионехь доцу омра ду мехкан куьйгалхочо арахецна, адамийн бакъонаш тIех лерина ларъяйта. Оцу указан гурашкахь тIедиллина ду новкъарло ца яр, хуьлийла иза пачхьалкхца йозуш йоцчу организаци я омбудсменан аппарат.

Адамийн бакъонаш ларъярца кхоллалучу хеттаршна жоьпаш дала аьлла вовшахтоьхна ю юкъаралхойн кхеташонаш массо а республикан гIалахь а, кIоштахь а.

КIорггера зеделларг ду, говзанчаш бу, массо а вовшийн вевзаш ву. Цхьа а бахьана дац кирхьа а оьллина, къайленаш латто.

Жигара къахьоьгуш ю Iедалца йоьзна йоцу сектор, Юкъараллан палата, бахархойн хьашташ зуьйш йолу департамент. "Нохчийн бакъонашларъярхо" газет ду оха арахоьцуш, бакъонашларъярх дуьйцуш книгаш ю зорбане йохуш, маьхза библиотекашкахь а, доьшийлашкахь а дIасаяржош. Болх беш сайт ю. Школашкахь конкурсаш дIахьо бакъонех лаьцна хаарш довзуьйтуш. Адамийн бакъонийн гIаролехь латта массо а таронаш тхан йолуш ю, цундела шо шаре ситуаци толуш лаьтта.

- Дукха хьолахь, хIун баланаш балхабо шуьга адамаша?

- Тхан дуккха а проблемаш ма ю тIемаша шайна тIаьхьа йитина. Уггар коьрта проблема, тIепаза байна нах лехар. Шо шаре юх-юха дуьйцуш ду байначийн хьал.

- ТIеман шераш дIа а теттина, тIаьххьарчу заманах дийцича?

- Аьрзнаш до харцонца лоьцу бохуш. Ницкъаллийн структураш - и йоккха система ма ю. Цигахь болх беш 10 эзар сов стаг ву, уьш берриш а профессионалаш бу.

Масала, цхьаьнга дан хеттарш хуьлу, иза тIе кхойкхуш кехат дахьийта тарлучохь, меттиг нисло, воьду-вогIучуьра иза лаьцна дIавигар. Ца кхуьу цуьнан гергарчаьрга хаам бан.

Синтем байначу церан наха тхоьга аьрзнаш до. Цул тIаьхьа, 3 дей, буьйсий даьллачул тIаьхьа, могуш-маьрша цIа ма вогIу иза. Ткъа цигахь бакъо талхийна ма ю. Оцу хиламашца къийсам латтош ду тхо, даим а полисхошца кхеташонашкахь Кадыровс далхорийг и ду.

“Кавказ.Реалиин" комментари: Нохчийчохь адамаш лечкъош хиларх даим яздеш ду хаамийн гIирсашкахь. Кху аьхка "Новая газетано" дийцира, ах шо хьалха Нохчийчохь кхел йоцуш вийначу 27 стагах лаьцна. Уьш берриш а дIалецнера стохка Iай полисхошна тIелатар дина аьлла, йолийначу леринчу операцехь. Информаци бакъйира "Мемориало"а. Ткъа офицаиалехь Нохчийчоьно тIе ца дуьту и бакъхилар. Оьрсийчоьнан президентан цIарх бакъонаш ларъечу Москалькова Татьянас талла долийра Нохчийчохь нах бовш хилар. ВВС сайто хааме даьккхира, Москалькове латкъам бан лууш болчарна кхерамаш тийсина хиларх.

- Кхи хIун сингаттамаш хуьлу бахархойн?

- Муьхха а хаттарца оьху суна тIе, масала, хIусаман хьелаш тодар доьхуш, я приватизацин хьокъехь. Мехкан куьйгалхочо кхоьллинчу боьхна доьзалш юха вовшахтухучу комиссин декъехь а ма ву со, цундела доьзалан проблемашца а доьху соьга гIо. Дика жамIаш гойтуш болх бо оцу комиссино. Масане хуьлу, дов даьлла дIасакъаьстина хIусамда а, хIусамнана а, царна гIо оьшу, шайна юкъахь маслаIат дан.

И мехала мисси ю. БIаьргах хи долу хьан, да-нана юха цхьана кхерча дирзича, берийн даьлла самукъа гича.

- Зударийн бакъонаш ларъечу "Нийсонан инициатива" организацехь соьга дийцира, майрчух дIакъаьстина зуда, масане хуьлу, иза леташ хуьлий, юха берийн дуьхьа олий хIусаме юхаеанчул тIаьхьа, цхьа хан яьлча тIепаза йов бохуш. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

- И Iовдал хIума а ду, аьшпаш а бу. Мича гIур яра иза? Оцу зудчун гергара нах а бу, вежарий бу, йижарий, шичой бу, маьхчой… Ахь хIун дуьйцу? И леррина даржош ду. Нохчийчоьнца массеран а бала бу, негативан интерес ю.

И мехал, пайде гIуллакх хилар тIе ца оьцуш, маьттаза даккха ма дезий. Оцу бакъонашларъярхошна хьалха и тайпа Iалашонаш хIиттийнарш церан спонсорш бу.

- Нохчийчохь цхьа а вовш вац ала гIерта хьо? Мила ву делахь харцдерг дуьйцург? Бахархой бу я бакъонашларъярхой?

- Нохчийн менталитетах кхета веза. Шен цIийндеца ийгIинчу зудчун йиш яц шен дена я вешина хьалха хIотта. Юьхьанца шен дейиша я нус, я йиша йолчахь хан яккха еза цо, шайн юкъаметтиг къаьстина яллалц. Адамаша ца дуьйцу дера харцдерг, оцу бакъонашларъярхоша ишшта хьвозийна дуьйцу-кх. Суна-м хезна а ма яц "Нийсонан инициатива" организаци ю олуш а…КIад боцу хIума ду и.

Вала да воцуш ма йоций и зуда. Цуьнан шен доьзал бу. Бакъ хила йиш яц и. ТIеман зама ма яц хIара, иштта нах бан. Оцу организацино зударийн бакъонаш ларъеш елахь, цхьана агIор шайн болх гайта ма безий цара, шайна терго тIеозорхьама. Нохчийчохь зударийн бакънаш божаршкахьчул а алсам ю.

Уьш кхеле буьйлу, шайн бакъонаш къуьйсуш. Нохчийн юкъараллехь зуда эгIаза яц.ТIеман шерашкахь танкаш сецош, къонахаллийца гайтина зударий тахана охьатеIабо бохург, бакъ дац, и проблема янне а яц.

Халахеташ делахь а, бакъоларъярх бизнес йина тахана дукхаъчу организацеша.

Басарш иэдой, шаьш оьшуш хилар, шайн мехалла гайта ма дезий церан.

Амма харц информаци яржа а еш, цара доккха зен до Оьрсийчоьнан пачхьалкхна а, юкъараллана а, тIаккха даьржа эладиттанаш, кеп-кепара комментареш.

“Кавказ.Реалин” комментари: Кху шеран бIаьста "Нийсонан инициатива" организацин белхахошка орца дехнера Соьлж-ГIалара яйначу нохчийн цхьана йоьIан нанас. Даим шех леташ волчу цIийндех едда денцIа яханера иза. Амма шен берашна детта са а ца хилла юха еанера. Марзхой дуьхьал хиллера иза керта йита. Цаьрца дов марсадаьллачу юкъахь, яйна хиллера иза. Полици орца а дехнера нанас шен йоI лахаьара аьлла, амма цара жоп доцуш дитинера цуьнан дехар.

- Ахь схьадийцарехь, бакъонашларъярхойх тешам бац-кх? И муха хуьлу? Хьо хьуо а ма ву бакъонашлраъярхо.

- Ас ца боху царех теша мегар дац. Ас буьйцурш нехан сингаттамах бизнес йийраш бу. Шайна пиар лоьху, царна баккъал а гIо кхачочу меттана. Оха беш болу болх хьайна хиича, хьо йоьлхур яра. Мел дукха сингаттамаш бу нахехь. Церан гIуллакхе хьажар тхан декхар ду, оха ца йо цунах пиар. Оха цхьаннан бакъонаш меттахIиттийнехь, тхуна ца оьшу и кхийкхон.

- Хьуна хетарехь, пачхьалкхца йозуш йоцуш, кхечу хьасташа ахчанца латтош йолу организацеш – бизнес ю?

- Ю. Вуьшта хьан лур ду царна ахча? Политикан бух а ма бу цигахь, пачхьалкхах а, тхан дахаран сибатах йолу дог-ойла а. Iамерка хIунда лур дара ахча, ахь Оьрсийчоьнах диканиг дуьйцуш хилча?

- Нохчийчохь маьршша болх бан таро юй журналистийн а, бакъонашларъярхойн а?

- Мичча хенахь а! Мегий ахь боху, болх беш ма бу уьш. Дукха хазахетарца бахка а богIу, къа а хьоьгу. Амма шайн юьхь йиллина, туьтмIаьжгаш йоцуш, бакъонца, дегалазамца, нехан бала шайниг санна тIе а оьцуш уьш белахь, маьрша богIийла уьш.

- Дукха хан йоццуш бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина а, "Новая газетан" журналисташна а дуьхьал митинг хилира Соьлж-ГIалахь. Хьуна нийса хетий, адамийн бакъонаш къуьйсучарна дуьхьало латтор? Хьуна хетарехь, хила догIург дарий и?

- Бакъдерг дийцича, муьлхха а митингна дуьхьал ву со. Протесташца проблемаш цхьалха яхалур ю аьлла ца хета суна. Амма адамийн бакъо ю шайна хетарг муьлххачу агIор а дIаала. Бухера дуьйнна талла деза, хIунда до цара и, хьан декхаре бина уьш протесте бовла.

- Бакъонашларъярхой а, журналисташ а бахархошца юкъахь болх беш хилча, хIунда боьвлла митинге царна дуьхьал нах?

- ТIеман халонаш лайначу тхан къомана бевза машаран, доттагIаллийн мах. Амма бу царна тIехь шайн рицкъ доккхурш. “Мемориал”, “Гражданское содействие”, уьш а баьхкинера кхуза. Нохчийчохь хьал дикачу хорша нисделлачул тIаьхьа, царна тIехь лаьттачарна ца ийшира уьш. ТIаккха чугIерта буьйлабелира. Нехаш тIе хьоькху. Хьажал, Милашина (Милашина Елена – "Новая газетан" корреспондент- "Кавказ.Реалин" билгалдаккхар) – цо ца яздеш хIума дац, яц цхьанхьа а конкретика.

Я схьаоьцур вай "Мемориал", оха Москох дов лелийна цаьрца, Орлов вевза суна (Орлов Олег "Мемориалан" куьйгалхо- "Кавказ.Реалин" билгалдаккхар), цаьргара хIуъа а хила тарло, бац-кх уьш вайн! Лаахь а, ца лаахь а оьшу царна Iедалан зуламаш, харцонаш, тIаккха дуьнене кхийкхадо, и ду Нохчийчохь, хIара ду, бохуш. Иштта шайн бизнес кхиайо-кх цара. Цундела тхан некъаш дIасакъаьстина.

“Кавказ.Реалин" комментари: Нохчийчуьрчу вахархочунна Джалалдинов Рамазанна тIехIиттинчу "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина а, "Новая газетан" журналисташна а дуьхьал митинг хIоттийнера Соьлж-ГIалахь “Кавказ.Реалин” хаамашца, нуьцкъаша балийна хиллера оцу акцига бахархой, барам бирзинчул тIаьхьа 1000 соьмаш делла хиллера царна.

- Цхьайолчу информацица, Ганнушкинна дуьхьал хIоттийначу митинге нах бертаза балийна хилла, цул тIаьхьа 1 эзар соьмаш декъна хилла боху царна. Муха хета хьуна иштта гIуллакх? Кхи цхьа хIума а ду, и тайпаниг Нохчийчохь кест-кеста хуьлуш ду.

- Нохчийчохь ца хуьлу хьуна и тайпаниг, кхечу субъекташкахь нисло харжамашна кечлучу хенахь. Кхаьжнаш духкуш, оьцуш, митингашкахь адамех леташ. Кхузахь аьттехь а ца хуьлу и тайпаниг. Адамашна шайна ма дика хаьа, шаьш дан дезарг. Аьшпаш бу уьш. Хьажал, "Кавказан узел" агенталла, даим а псевдонимашца язйо цара. Аьлларг мила ву а доцуш, Хьенеха аьллера, Минеха аьллера, бохуш. Нагахь факташ елахь, прокуратуре арз хIунда ца до цара? Нехан цIераш яха лууш бацахь, церан карахь материалаш яц? Цига латкъам бе. Иштта ледарчу хIуманашна тIе ас тидам ца бохуьйту.

- ХIунда хета хьуна уьш ледара? Адамаш кхоьруш Iай те?

- Ой, мегар ма дац велла дIаваллалц кхера. И дац и. "Кавказан узел" агенталлан а, и санначу рупорийн а белхан стиль ю и. Иштта болх беш Iаш ма бу уьш. Цхьаммо а я жоьпе ца ийзабо. Цхьаммо латтош ма бу уьш, ахча а луш, гIортор йина.

- ТIаккха стенна до цара и?

- Ахча лур ма дац.

- Нохчийчоьнах лаьцна бен кхи дийца хIума дац церан? Махкахь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх бен кхи дийца хIума дац церан?

- Ахь нийса хIоттина ду и хаттар, иштта ойла ю сан а. Нохчийчоьнах бен кхи дийца дац? Ду. Нохчийчоьнах чекх а йоккхуш тухуш ма ю Оьрсийчоьнан Iедалшна. И хууш ма ду. Информацин тIом ба хIара дIабоьдург. Лахарчу Новгородехь кIезиг ю проблемаш Каляпинна ("Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхо Каляпин Игор – "Кавказ.Реалин" билгалдаккхар) нисъян? Цигахь къаьсттина ларъеш ма яц адамийн бакъонаш, уьш Iалашбеш белара цо.

ХIан-хIа, цунна и ца оьшу. Цигахь къаьсташ хир ма дац цо лелорийг, иза цигара волу дела. Ткъа кхузахь иштта "къонахаллица" нохчийн бахархойн бакъонаш ю цо ларъеш. Хоьттуш хIума а дац, шуна оьшу я ца оьшу, аьлла. Суна хетарехь, ца оьшу.

“Кавказ.Реалин” комментари: Стохка бIаьста "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхочунна Каляпин Игорна тIелатар дира Соьлж-ГIалахь. Масех стаг леттера цунах, хIоаш тIедетташ, дама тIе хьоьрсуш, зеленка а юттуш тIе. Зуламан бехктакхаме гIуллакх ца диллира оцу хьокъехь. Цул хьалха Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а тIехь болчу микроавтобусна тIелатар дира туьтмIаьжгаш йоьхначу наха. Царна йиттира, автобус цIе тесна ягийра. Бехкталламан гIуллакх долийра, амма цхьа шо даьлча тесна дитира.

- Нохчийчохь нехан проблемаш хила тарло. Ганнушкинас гIуллакх луьстучу Джаладинов Рамазана Путине ялхийра шайн эвлара проблемаш. Цуьнан хIусамах цIе тесира, кхерамаш тийсира, эххара а махкал ара вала дийзира цуьнан.

Хьуна иза провокатор ву аьлла хета я…?

- И цхьа миска, дIоггара хьекъал а доцуш стаг ву. Цуьнах пайда эцна. Оха теллира и гIуллакх а Кенхи дIа а дахана. ХIун ца тоьара цунна? Хьажахьа мел хаза тойина и юрт. Мехкан куьйгалхочуьнца цхьана шозза хилира тхо цигахь, парламентан спикерца а дахара, массо а агIор зийра оха цигара хьал. "Мемориаловцашна" а, ганнушкинагIарна а иштта цхьа декъазниг оьшу. Иза махкал ара ваьккхи цара юха.

- Иза ша дIа вахна вац?

-Вац дера, цара вигина ву-кх.

"Кавказ.Реалин" комментари: Кенхи юьртарчу Джалалдинов Рамазана стохка бIаьста видеокхайкхам бинера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире ша вехачу Кенхи юьртара проблемаш ялхош. Цхьа хан яьлча республикан телевизионехь Кадыров Рамзанна хьалха шена гечдар дийхира Джалалдиновс. Муьлш бу ца хуу нах тIелетира Джалалдиновн доьзална, цIа дагийра. Нохчийчуьра дIа ца вахча кхи дан амал дацара цуьнан.

- ТIаьххьар а шена къинтIера довлахьара аьлла, вист ма хилира Джалалдинов. И хIун ламаст ду шена гечдар дехар? Иза воцучо а дукхамма ма дина и дехарш. Стага шен цхьа проблема ялхийча я Iедална критика яхь, дукха хан ялале декхаре хуьлу-кх иза гечдар деха. Хьуна хIун хета, бакъонаш хьешар ца хуьлу и?

- ХIан-хIа. Нагахь санна и цхьа кхайкхам бинехь, теллича бух боцуш карадой, тIаккха бен ца олу бехк ма билла, къинтIера довла. Нехан соьмана тIаьхьа а бевлла леларш дукха ма бу. Цхьа хьолада го, хуьлуьйтур вай иза фирман президент я цхьа Iедалхо, я ша Кадыров, кехаташ яздан буьулало, дехарш деш. ГIуллакх талла ца бахка а мегара уьш олий, яздеш хуьлу и нах.

ЦIа боьлху, дикачу хьелашкахь вехаш хуьлу, уьйтIахь лаьтташ машен а йолуш. Йоллу Оьрсийчоьне иза хIунда волу тIаккха, ша таро йоцуш, халачу хьелашкахь ву, олий?

Бакъ ма ца хуьлу и. ТIаккха цуьнгара бехкаш доху баккхийчара а, юьртахоша а. Ца баьхча бовлий цара тIаккха нах а, Iедал а шайна къинтIера? И нийса хета суна. ТIаккхахула ларлур ву.

Интернет, ватсап юкъаяьлчхьана даим а адам цхьаннах кхаьрдаш, цхьаъ яздеш бен ца Iа. И дерриге а цхьана дийнахь кхачор ду. Адамийн дахаран хьелаш а шо шаре толур ду, эвсара девр ду, цу тIехь сан шеконаш яц. Тхан мостагIаша таьжгенаш лелаяхь а, дерриг дIанислур ду.

"Кавказ.Реалин" комментари: Нохчийчохь долчу хьолана даим а терго латтайо бакъонашларърхоша. Iазап, къизаллаш, нах лечкъор башха цецвийла хIума а дац цигахь. "Суна дийцина, пайда боцчу хIуманна тIехула нах чубухкуш, куьйгашна буру тухуш, етташ, зударшна а цхьана цигахь лело харцонаш. Амма цигахь дихкина ду ма дарра дийца", - боху Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь талламаш бечу Дуьненаюкъарчу кризисан тобан куьйгалхочо Сокирянская Екатеринас "Кавказ.реалица" хиллачу къамелехь

- Германехь вехачу цхьана нохчийн кIанта а кху деношкахь шена гечдар дехна. Хаамийн гIирсашка дийцина хилла цо, ша нохчо а ву, гей а ву аьлла. Ткъа хIинца шена къинтIера довла боху цо. Цо шен лаамехь боху аьлла хетий хьуна? Нохчийчохь гейш лоьцуш, царна тIехь къизаллаш лелайо Iедалша бохучу информацех хIун эр дара ахь?

- Вацчунна муха еттар ю, къизаллаш цуьнца муха лелор ю? Кхузахь бац уьш! ДагадогIий хьуна, Нохчийчуьра тIамах бевдда мухIажирш Европан пачхьалкхашкахь дика тIеоьцуш? ХIетахь кхечу къаьмнийн векалша, шаьш нохчий ду а бохуш, тховкIелонаш ехира шайна. Хилла ма ду и!

Йоллу Европа телхана ю, оцу нахах лаьтташ бу церан президенташ а, финансисташ а, банкираш а. Дера царна дика ма хаьа оцу гейш бийцарца дика ахча даккхалур дуйла. Хаьа, и тайпа боьхалла хIун ю а ца хуу нохчийн къам муха сийсаздоккхур ду а.

- Нохчийчохь гомосексуалаш бац бохург ду и?

- Бац. Хуьлийла а дац.

"Кавказ.Реалин" комментари: Кху бIаьста "Новая газетано" яздира, Нохчийчохь хецна дIалехьош, етташ ю гомосексуалисташна а, царех тера хетачарна а аьлла. "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а тIечIагIйинчу оцу информацино йоккха гIовгIа эккхийтинера доллу дуьненахь. Нохчийчохь ницкъбинчу оьрсийн вахархочо Лапунов Максима полици чуделира арз, шена тIехь йина гIело ялхош. Оьрсийчоьнан омбудсмена Москалькова Татьянас дIахьедира, гейшна тIехь къизаллаш лелорна бехктакхаман гIуллакх делла бух бу аьлла. Оцу юкъанна Нохчийчуьрчу Iедалша чIагIдора, махкахь гейш бац бохуш.

​- Кхийти. Нохчийчохь иллиалархо Бакаев Зеламха вайна кхо бутт зама ю. Цкъа видео гучуяьккхира, цо ша дика Iаш ву, сингаттам болуш хIума а дац бохуш. Ткъа бакъонашларъярхойн шеконаш ю, царна и бакъ ца хитира. Яьккхина видео а, ша иштта хIоттийна спектакл яра боху цара. Хьуна хIуммаъ хаьий цунах лаьцна?

- Суна хезна иза вайна аьлла. Видео хIоттийна ю я яц ала суна ца хаьа, говзанчана бен хуур дац цунах дерг. Мичара даьлла царна и хIоттийна сурт хилар? Цхьа а цуьнан гергара стаг тхо долчу веана вац. И дуьйцуш болчу царна хаа деза-кх иза стенгахь ву а, цунна хIун хилла а. Суна хууш хIума дац цунах лаьцна. Цхьа сингаттам белахь, наха орца доьху. Гарехь, сагатдан хIуммаъ дац цигахь.

"Кавказ.Реалин" комментари: Кху аьхка Москох вехачу даймахка хьажа-хIотта веанчуьра вайна иллиалархо Бакаев Зеламха. Бакъонашларъярхочо хаамбинера "Кавках.Реалига" Бакаев вигарна бехке хила тарло Нохчийчуьрчу куьйгалхочун гонера леккхара цхьа даржхо, аьлла. Кадыровга гIо а дехнера нанас, шен кIант лохуш сихо яхьара аьлла, амма жоп доцуш дисира цуьнан дехар. ТIаьхьо пачхьалкхан телевизионан эфирехь видеоролик гайтира, Германехь ву ша, дика дIа а тарвелла, бохуш, къамел дечу Зеламхан. Ткъа зорбанаша оцу сахьта бакъ ца йира яьржина информаци. КIант чохь волчу хIусамерчу стоьл тIера энергетикан хиш Германехь арахоьцуш а, я духкуш а дац элира цара, иштта чуьра гIант, диван, стол а Оьрсийчуьрчу фабрикехь арахоьцуш ю элира. Кхо бутт сов хан ю Зеламхан гергарчарна шайн стагах хилларг ца хуу.

- Ткъа шуна шайн шеконаш ца хилира и видео гича?

- Ца хилира дера. Тхо телехьожийле хьовсу, цхьацца программашка а хьовсу, амма тхан ала тарлац, оцу стага дIа а хIоьттина къамел деш хилча, баккъал ду и гойтург я хIоттийна сурт ду. Суна ца хаьа, муха туьудур ду и, хаа тхан кхи аьттонаш а бац.

Бехк ма билла, ламазан хан ю герга кхочуш, сан кхи хан яц.

Интервью йинарг Садовская Алена

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG