Iамеркан Конгрессо Оьрсийчоьнан Russia Today (RT) телекомпанера аккредитаци дIаяьккхарна дуьхьал гIулчаш кечйеш ю Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума а, Федерацин Кхеташо а. Цунах лаьцна хаам бина цу пачхьалкхан хаамийн агенталлаша.
Пачхьалкхан Думехь чIагIдо, «дуьхьала яьхна гIулчаш куьзганан» кеп йолуш хир ю бохуш. Федерацин Кхеташонехь кхайкхам бина Вашингтонехь бинчу сацамна жоп, дIа а ца тоьттуш, мелла а сиха дала деза аьлла.
ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчохь низам тIеэийцира, махкал арахьара ахча оьцучу зорбанан гIирсаша регистраци ян еза кхечу пачхьалкхийн агенташ санна аьлла.
Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан юстицин минисралло Маршо Радиога а, «Настоящее время» телеканале а хаамаш бахьийтира, царна Оьрсийчохь дехкарш дийр хилар хоуьйтуш.
Иштта хаамаш кхечира Маршо Радион кхин а шина проекте -- "Idel.Реалии" а, "Сибирь.Реалии" а сайташка. Цу кехата тIехь дуьйцуш дацара кхин билггала хIун гIулчаш йохур ю царна дуьхьал бохург.