ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кино гойтур ю Урдунерчу кинофестивалехь


«Тоьпан йилбазмохь» фильман режиссер Мовсар Загаев Мовсар а (аьрроагIор), актер Загаев Мохьмад а.
«Тоьпан йилбазмохь» фильман режиссер Мовсар Загаев Мовсар а (аьрроагIор), актер Загаев Мохьмад а.

ГIура-баттахь кхаччалца Урдунехь дIахьон йолчу Дуьненаюкъарчу Karama Human Rights Film фестивалехь гайта хаьржина Европехь бехачу нохчийн кегирхоша яьккхина кинофилм.

Белгехь «Еврочеченс» цIе йолчу кхоллараллин тобано даханчу шарахь яьккхина «Тоьпан йилбазмохь» цIе йолу филм ю фестивалан программина къастийнарг. Малхбузехь бехачу нохчаша дуьххьара яьккхина исбаьхьаллин кино ю иза, ерриге а нохчийн маттахь а йолуш.

Филман режиссеро Загаев Мовсарс Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, Урдунехь бехачу нохчийн таро хир ю «Тоьпан йилбазмохь» Сувелехь ГIура-беттан 8-чохь ган.

Ша кинофестивал ГIура-беттан 5-чохь дуьйна 10-гIа кхаччалц Амманехь дIахьур ю. Доллучу дуьнентIера исбаьхьаллин а, документалан а, анимацин а филмаш гойтур ю цу адамийн бакъонаш ларъярна леринчу фестивалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG