ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара вахархо Дикаев Зелимхан лачкъийна герзаца хиллачу наха


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна 32 шо долу Соьлж-ГIалара вахархо Дикаев Зелимхан, хаам бина «Мемориало».

Гергарчара дийцарехь, Лахьа-беттан 22-чу дийнахь Дикаев вехачу хIусамна чубевлла Iаьржа тIеман барзакъ доьхна хилла герзаца болу нах. Цара дIавигина иза.

Дикаев лачкъош теш хилла цуьнан ваша. Цара кхерийна иза, шаьш дIадаххалц ара а ма вала, да-нана сама а ма даккха аьлла. Герзаца хиллачу наха аьлла, шаьш Дикаев Соьлж-ГIаларчу «Север» батальоне дIавуьгур ву аьлла.

Iуьранна да-нана гIоьртина шайн кIентан кхоллам къасто, амма кевнехь лаьттачу эпсаро аьлла, шаьш цхьа а стаг лаьцна вац аьлла. Iедалшка Дикаев лахахьара аьлла дина дехар цхьа а жоп доцуш дуьсуш ду цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG