ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца ша боксан спарринг еш видео зорбане яьккхина Емельяненкос (видео)


Ийначу кепашкахь Оьрсийчоьнан латархочо Емельяненко Александра видео зорбане яьккхина, ша спарринг-партнер санна Кадыров Рамзанца боксах леташ. И тренинг цаьршимма дIаяьхьнера "Россия 1" телевизионехь гайта "Действующие лица с Наилей Аскер-заде" цIе йолу программе кечйеш. Цигара видео кийсак ю Емельяненкос шен Instagram-чу агIон тIехь дIахIоттийнарг.

Емельяненкос боху, ша реза а волуш дIаяхар тренинг. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIе куьг айъа кхераме дацара аьлла, шега хаьттича, Емельяненкос жоп ло спортзало массо а цхьана тIегIантIе боху олий.

Дагадоуьйту, 2015-чу шарахь 4 шо ах шо хан туьйхира Емельяненкона, жима зуда хьийзийна аьлла. Амма стохка Лахьан-баттахь иза аравелира чувоьллинчура: Воронежан кIоштан кхело набахтехь яккха йисинчу хенан меттан цунна тIедиллира 2 шарахь "нисваларан" белхаш дар.

"Федеральное агентство новостей" зорбанан хьастано бинчу хаамца, 2017-гIа шо долалуш Емельяненкос контракт йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс кхоьллинчу World fighting championship Akhmat клубаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG