14 стагах лаьтта кхиазхойн тоба лаьцна Венерчу полицино. ДIаяханчу аьхка Австрин коьртачу шахьарахь цхьамогIа талорша дарна бехке беш бу 14 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу кегий нах. Цара шайн хенарчу берашкара ахчанаш а, телефонаш а, куьйгах а, коча а ухку деши хIуманаш а схьайохуш хилла, полицино чIагIдарехь. Тобанна юкъахь волу ялх стаг гуьйре йолалуш лаьцна хилла Iедалхоша, ткъа кхин а 8 кхиазхо кху деношкахь гучуваьлла.
Венерчу полицин векало Маршо Радион корреспонденте тIечIагIдира, лецначарна юкъахь тайп-тайпанчу къаьмнех кхиазхой хилла хилар, доккхачу декъана цу гIалин 11 кIоштахь бехаш болу.
Ши къона нохчо а ву царна юкъахь. Цул сов, Шемара а, Сомалера а, ОвхIанера а орамаш долу кегирхой а, австрихойн къомах долу берш а хилла талорхойн тобанехь.