ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шеран дуненан футболан чемпионатан кхаж тасар хилла Москох


Москох кхаж тесна 2018 шарахь Оьрсийчохь дIахьош йолчу дуьненан футболан чемпионатехь муьлха тоба хьаьнца ловзур ю къастош. Цуьнан жамIашца а догIуш, Оьрсийчоьнан футболан тоба хьалхарчу муьрехь ловзур ю СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан а, Мисаран а, Уругвайн а тобанашца.

Цу церемонехь дакъалоцуш вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Ерриг а кхаш тасарехь дакъалоцуш яра 32 тоба.

Дуьненаюкъарчу футболан федерацин (FIFA) рейтингехь Оьрсийчоьнан футболан тоба дIалоцуш ю 65-гIа меттиг.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан футболхойн тобано Соьлж-ГIала хаьржина шаьш чемпионате баьхкича баха а, ловзаршна кечбала а. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан вице-премьеро, хаам бо Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанан сервисо.

31-на футболан тобано хIинцале а хаьржина шаьш Оьрсийчохь дуьненан чемпионат йоьдуш Iийр болу базанаш. Йиснарг ю Перу пачхьалкхан тоба.

Муткос дийцарехь, дукхахйолу футболан тобанаш дIатаръяла дагахь ю Москох а, цунна гонаха а.

Дуьненан Футболан чемпионат дIахьур ю тIедогIучу шеран аьхка Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна Товбеца-беттан 15-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан 11 гIалийн 12 стадионехь.

Москох, Петарбух, Казань, Лахара Новгород, Саранск, Сочи, Ростове, Волгоград, Калининград, Екатеринбург, Самара ю чемпионатан ловзарш хир долу гIаланаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG