Iамеркан компани SpaceX дагахь ю тIедогIучу шеран Дечкен-баттахь Falcon Heavy олу еза ракета космоcе яхийта. Цунах лаьцна Twitter-ехь хаам бина цу компанин долахочо Маск Илона.
Ракета космосе йохьуйтур ю мара Канаверал олучу меттера. Маска дийцарехь, цунна тIехь хир ю цуьнан Tesla Roadster олу спортан машен, Боуи Дэвидан "Space Oddity" йиш локхуш йолу.
Эххар а иза дIакхача еза меттиг ю Марс олу планета.
Falcon Heavy ю вовшахтесна Falcon 9 олу кхо ракета. Цуьнан хьалхара тIегIа кхиаме космосе дахийтина хилар хиира кхушеран Зазадоккху-баттахь. Ткъа керлачу ракетан Falcon Heavy SpaceX олу юккъера блок зийра Стигалкъекъа-баттахь.