ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара кема лелар ду Петарбухе


 Архивера сурт.
Архивера сурт.

UTair авиакомпанин кема лела доладелла Соьлж-ГIалара Петарбухе, хаам бо ТАСС агенталло. Хьалхара рейс хилла ГIура-беттан 2-чу дийнахь. Нохчийчуьрчу транспортан а, зIенан а министро Черхигов Рамзана дийцарехь, кемана тIехь хилла 30 гергга некъахо.

Соьлж-ГIалара - Петарбухе Boeing-737 кема дIакхочу 3 сохьтехь. Цкъачунна иза лелар ду кIиранах цкъа - хIора шотдийнахь.

Кеманца Петарбухерчу Пулково аэропорте воьдург а, цхьа кIира даьлча юхавогIург а уггаре борах мах бу 5985 сом, хаам бо UTair компанин сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG