ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна йиттина стаг чувоьллина Нохчийчохь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело, 1 шо 10 бутт хан а тоьхна, чувоьллина меттигера вахархо Мусхаджиев Iадлан, хаам бо "Кавказский узело". И стаг бехке вина полисхочунна, могушалла гал а йоккхуш, еттарна.

Мусхаджиев лаьцнера кхушеран Стигалкъекъа-баттахь. Юкъараллан къепе йохош ву аьлла, шега бехкбаккха тIевеанчу полисхочунна чIогIа йиттина хиллера цо.

Мусхаджиев ша бехке хиларна къера хилла. Цуьнан накъосто дийцарехь, хан яцъяр доьхуш латкъам бан дагахь вац иза, цуьнах гIуллакх хир ду бохучух цатешарна, яздо "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG