ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ВорхIе а дас бийцина мотт леш бу бохийца..."


Къаноша а лору ненан маттах пайдаэцар вуно лахарчу тIегIанахь.

Яздархоша, хьехархоша, жимма а ненан маттах бозабеллачу Iилманчаша даре дан эшна а доцуш, шо-шаре мел долу а нохчийн маттера хьал толуш дац. Мелхо а, царна моттарехь, цунах пайдаэцар хан мел йолу а лахлуш, юкъаралла цунах херьялар, сихлуш, йоргIачу боларе дирзина.

Даггара бала а кхочуш, къоман меттан кхане бIаьрла хиларе хьаьгна болчара дикачу дегайовхонца, беркате хийцам хиларе сатийсарца тIеоьцу цуьнан хьокъехь Iедалдайша деш долу муьлхха а къамел.

Яздархой, хьехархой, кхиболу кхоллараллин нах стенна буьйцу, цкъа а Iилманца г1уллакх хилла а боцу, кхузткъе иттара бевллачу баккхийчарна а го нохчийн маттехь яллош йолу гIело, иза бийцар тIаьхь-тIаьхьа лахлахь бен марсадолуш цахилар.

Ненан маттера лазаме хьал дика кхеточех цхьаъ ву 71 шо долу вахархо Абзотов Хизар. Маршо Радиоца хиллачу къамелехь, иштта далхийра цо: "Къам дехийла лаахь, цхьангге а хетта а ца хоьттуш, Iедало гIо дан деза нохчийн маттана. 50 шо даьлча а,100 шо даьлча а къам хуьлийла лаахь, Iедалдайша муьлхха низам тIеэцна а халкъ ненан маттана тIедоьрзу некъ лаха беза. Тахана, ур-аттал ярташкахь а дукха бу шайн берашка а, берийн берашка а оьрсийн мотт буьйцурш. Нохчашлахь маца хилла и саннарг?

Цхьа метар охьахецна маж а йолуш, тхан урамехь а ву ишта цхьаъ, берашна гIазкхийн мотт цахаарна кхоьруш… Нохчаллехь дохо гIерташ вуй, хьенех, хьо и бераш ас аьллера аьлла, хIинца и суна резавоцуш ву. ТIе а ца вогIу, чу а ца вогIу. Къам къам а хилла дуьсийла лаахь орцане мохь беттачохь ду гIуллакх, да-м".

Цхьаболчара Iаьрбийн мотт-йоза Iамийна Iилма Iаморхьама, ткъа кхечара Iамийна хьалхе езаш, лакхе езаш аьлла хета кхечу вахархочунна Гизуев Хьусайна.

"Оцу наха оьрсийн дешнаш юкъакхуьссуш а, лартIахь шайн мотт ца буьйцуш а, вайнехан мотт а, гIиллакх-Iадаташ а, бусалба дин а талхийна. Кхин дIа талхош а схьабогIуш а бу", - бохуш, резавацарца дийцира цо.

Къомах къам дечу маттах,иза нажжаз бан, лахбан Iалашо хIоттийча санна, цунна пебеттар, совьяьлла, кхоьссина йитинчу хIуманах тера, ненан маттах шуьйра пайдацаэцар бакълена а дазделлачех, лазаме дуьйлучех ю Теркйист кIоштан Ломаз юьртара 82 шо долу яхархо Магомадова Iайшат а.

"Миччахьа а ахь дIа ладоьгIча, вовшшака, зударий белахь а, бераш делахь а, буьйцург гIазкхий мотт бу-кх, - халахетарца дуьйцура Iайшата. - Оццул сийдоцчу боккхуш бу-кх шайн мотт. Хьажахь, дIо-о кхечу махка хьо вахча, шайн мотт хууш ца хилча, балха дIа а ца оьцу бохийца! И дац доккха хIума! Леш бу боху мотт, бовш бу боху мотт, ворхIе а дас а бийцина болу".

Нохчийн къам дохийна махках даккхале хьалха оьрсийн маттах кхеташ наггахь бен вацара, гIазкхи маттахь дош аьлча а тамаше хеташ, дуьйцу кхи дIа а Магомадова Iайшата: "ХIинца «чIарранехь» шайн мотт ца бийца а гIазкхийнаг буьйцу, царна хьалха диканаш хила гIерташ санна. Хьалха шайн доьзална ненан мотт Iамабехьа, тIаккха бийцахьа кхин мотт. Делдахь ца хаьа суна-м. Шаьш сийдоцчу доккхуш ду-кх шайн хIума а", - ишта чекхдаьккхира ненан маттах шена хетарг Магомадова Iайшата.

Нохчийн мотт хьокъехь къамел мел диначу бахархошна санна, цунна беш болу харц тIеIаткъам халонга буьйлуш болчеран могIарш дуькъа ду. Цара даггара сатуьйсу ненан матте гIоьналлин куьг кховдош, цуьнгара хьал хийца Iедалхоша пачхьалкхан тIегIанахь ладаме гIулч яккхаре.

Бакъдерг аьлча, ненан меттан таханенан а, кханенан а, кхолламан а цуьрриг бала цакхочурш а бац хIумма а кIезиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG