Оьрсийчоьнан а, Шеман пачхьалкхан кеманаша а динчу тохаршкахь кIирандийнахь мел лахара а 27 вийна. Меттигерчу бахархойн а, адамийн бакъонийн мониторинган центран хаамашна тIе а тевжаш, Reuters агенталло бо и хаам.
Агенталло билгалдаккхарца, Шемарчу Малхбален Гутехь кемано бомбанаш йиттина нах бехачу кIошатахь а, йохка-эцаран базарахь а. Цигахь вийна 17 стаг, кхиа 4 велла Арбин гIалахь.
Бисинарш Мисрабахь а, Харастехь а байина. Цхьана дийнахь а, буса Малхбален Гутехь 30 -зза авиатохарш дина, Reuters агенаталло дийцарехь. Маьрщачу бахархошна хьежа а еш етташ ю авиацино бомбанаш, цигарчу бахархоша а, мониторинган центро хаамбарехь.
Бакъонашларъярхоша даредо, тIаьххьарчу 20 дийнахь Малхбалерчу Гутан кIоштахь 200 гергга маьрша вахархо вийна хиларх, шайлахь зударий а, бераш а долуш.
ООН-ан терахьашца оцу регионехь 400 эзар гергга вахархо ву.
Царех дукхахболчарна гуманитаран а, медицинан а гIо оьшу, амма уьш дозанал а ара бовлуьйтуш бац.
Малхбален Гута уггар а Шемарчу тIеман конфликтан деэскалацин зона ю. Цигара кхочучу хаамашца, тIемаш саццаза дIабоьлхуш бу цигахь.