ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ханна Гуьржийчоьно шайн дозанаш дIакъевлина


Гуьржийчоьно ханна дIакъевлина шаьш долчу богIучу Къилбаседа Кавказерчу цхьацца долчу къаьмнашна доза. Нохчийчуьра а, ГIалгIайн махкара а, Дагестанера а чу а ца буьтуш юхаберзабо, паспорташ тIе мухIар а тухий. Дозанехь юхаберзийначу наха бахарехь, гуьржийн полицино бахьанаш ца дуьйцу, стенна тоьхна дозанаш. Чекх ца балийтинчарна юкъахь бу нохчийн а, гIалгIайн а бизнесхой а, Гуьржийчохь болх а беш, цигахь баха бакъо ерш а.

Маршо Радион корресондент а халла чекхвалийтина хилла гуьржийн дозанехула. Цкъа мухIар таIийна кехаташна тIе, юхаверзийнера, ткъа шолгIачу дийнахь бен бакъо ца еллера шайн пачхьалкхна чуван.

Официалан Iедалша оцу хьокъехь даре ца до, шаьш къилбаседакавказхошна некъ къевлина хиларх, амма цигарчу наха дечу тоьшаллашца, бух болуш ду и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG