ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчашна тIехь йолийна кхел оьшур ю аьлла тешна бу адвокаташ


Нохчийн мухIажиршна тIехь йийриг харц кхел ю аьлла, тоьшаллаш до церан адвокаташа а, гергарчара а.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:54 0:00
Линкана тIе

Юхь тIе туьтмIаьжгаш а йоьхкина, герзах боьттинчу полисхоша ларъеш яра Венехь кху деношкахь дIайолаелла кхелан процесс, кхелан гIишло чу мел вогIучунна дегIаца а хьожуш, тIоьрмигаш а толлуш.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Волфганга кху аьхка аьхка пресс-конференци а йина, "нохчийн мафин" декъашхой лаца кадаьлла шен куьйгакIеларчу Iедалхойн аьлла, дIахьедар а деш.

Чувоьллина хиллачу исс стагах бIархIанна дов хатта долийна цу процессехь.

Бехкебечийн гIенташкахь Iаш берш берриш а нохчий бу, 27 шарера 40 шаре кхаччалц хенаш йолуш бу уьш. Царна бехке дуьллуш ду Венехь а, Лахарчу Австрехь а цхьа могIа рэкетца доьзна талорш дар а, нахера кхерамаш а туьйсуш, ахчанаш дахар а, низамца доцуш герз а, наркотикаш а лелор а.

Нагахь санна, и кегий нах лецначу деношкахь Австрерчу полисхойн уггаре а лакхара куьйгалхо Соботка Волфганга уьш карабахкар Iедалан вуно боккха кхиам бу, бохуш дIахьедарш деш хиллехь, кхелехь гуш ду, лецнарш "мафи" бохучу дашца бийца нах боцийла.

Царех цхьа дакъа цхьацца кегийрачу талорийн декъа хилла сурт кхоллалахь а, амма лерина цхьа мафиозин кепехь тоба кхолла а, мафин структура кхион а гуьнахь уьш ца хилар гуш ду.

Цхьана агIор, прокуратурано царна бехке дохкучу зуламийн кепо а, вукху агIор церан адвокаташа а, кхело царна тIекхайкха бахкийначу тешаша дечу тоьшаллаша а.

Лецначийн царна дуьхьалтуьттучу цхьаццадолчу зуламашкахь бехк ца хилар го церан хIусамнаноша дечу тоьшаллашкахь а.

Иштта, масала, царех цхьаннан, Саламбек цIе йолчу жимчу стеган хIусамнанас Дианас дийцира Маршо Радионе, Iедалша шен хIусамдас рэкет а йина схьадаьккхина ду аьлла, шайн чуьра дIа а даьхьана, телевизионехула гайтина долу сахьт, бакъдолчехь шен децIено и кIант невцалгIа вахча цунна делла дара, бохуш: "Со доьшуш а, болх беш а ю, сайн алапа а долуш.

Сайн ишкап чуьра сан цхьацца бижутери юккъехь Iуьллуш хилла долу ас балхара схьаэцна сан ахча дIа а даьхьна, иза сан хIусамдас нахера схьадаьккхина ахча ду бохуш, гайтира цара. Иштта иза невцалгIа вахча цунна тхан цIерачара делла долу сахьт а, цо нахера схьадаьккхина долуш санна гайтира".

Лецначийн бехк ца хилар чIагIдо церан адвокаташа а. Царех цхьаннан хьашташ кхелехь лардеш волчу Штробл Андреаса элира, прокурорна шен клиентана тIетуьттучу бехкехь дукхаъ хета-моттарш ду, амма кIеззиг бен тоьшаллаш дац, аьлла, и кхел ша картийн хIусам санна хаьрцар йолуш хиларх шек вац ша аьлла, тIе а тухуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Шуна муха хета, даггара дуй шена зен хиллачу доьзало Iедална хьалха куьгбехкенаш кIелхьарбахар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG