ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегехь толам баьккхина нохчийн къоначу спортхоша


Норвегехь кху деношкахь дIаяхьначу желтойн-римхойн латарийн дуьненаюкъарчу турнирехь толаман меттигаш баьхна къоначу нохчийн спортхоша. Оппегар цIе йолчу гIалахь гулбелла хилла 14 пачхьалкхера 300 бIе сов спортхой. Царна юккъехь тайп-тайпанчу Норвегерчу гIаланашкарчу клубашкара баьхкина нохчийн латархой а хилла. Итт шарера берхIитта шаре кхаччалц хенаш йолчу спортхоша масийта хьалхара меттиг баьккхина турнирехь.

Маршо Радион корреспонденте Норвегерчу хьостано дийцарехь, уггаре а кегийчарна юккъехь толам баьккхина Тимирбиев Идала. Шел дуккхаъ безох а, баккхийрах а болчу спортхошна тIехь толам а баьккхина, хьалхара меттиг яьккхира иштта 14 долчу Эдаев Мохьмада а.

Цул совнаха, масех детин а, борзан а мидалш эцна цIабирзина цу турнирера нохчийн къона спортхой бохуш, дийцира хьостано.

XS
SM
MD
LG