ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненан литература нохчийн маттахь йовзуьйтур ю "Гоч" журнало


Нохчийчохь керла зорбане юхадала долийначу "Гоч" журналан презентаци хилира шинариндийнахь Соьлж-ГIалахь.

Зорбанан цIийнехь гулбеллера махкара нохчийн меттан говзанчаш, шайна юкъахь яздархой а, байтанчаш а болуш. Ненан меттан бала шайн кхачар коьрте а дуьллуш, массара а къобал йира редакци, куьйгаллехь Петирова ПетIмат а йолуш.

Иштта къамел дечара гIарадаьккхира меттан баланаш а, цунна хьалха хIуьтту чолхаллаш а. Журналиста, историка Умхаев Хьамзата элира бартан мотт буьйцуш белахь а, йозан мотт лелор гIийла ду аьлла: "И мотт бийцина а ца Iаш, уггаре а хьалха йозанан мотт хила безаш ма бу коьртехь. Ткъа и йозанан мотт муха хир бу ас а, вай а язбеш ца хилча?

Дукха дийцина вай иза. Мотт гIеллуш бу вайн. Тахана, хьо базаран юкъаваьлча, туькана вахча, терахьаш нохчийн маттахь олуш стаг вац, кIиранан денош нохчийн маттахь олуш наггахь бен стаг вац. Вайн вешан ледарлонна мотт муха болуьйтур бу? Тахана санна иза Iамо вайн зама хилла а ма яц".

"Гоч" журналан хьалхарчу номерехь тIетоьхна ю поэзи а, проза а, берийн литература а, публицистикехь белхаш а. Авторш, нохчийн а, оьрсийн а, дуьненаюккъера классикаш а бу.

Мериме а, Дефо а, Маркес а, Пушкин а, Гамзатов а, иштта кхиберш а. Журналан коьртачу редактора Петирова ПетмIата дийцира журналан чулацамех а, шайн Iалашонех а: "Жураналан чулацамехь дуьненан литература гоч а йина зорбане тухур ю. Цхьанна а авторе озабезам хир бац. Иштта хир бац иза гочдархошка а. Халкъан пайдехь хир яра хIара хIума аьлла, вай талла а теллина, дика гочйина елахь, тIетухур ю. Шарахь шийтnа номер арахеца дагахь ду тхо".

Нохчийн мотт дIаболуш бу аьлла ца хетарш а кIезиг бацара "Гоч" журналан презентацехь. Журналиста Газиева Азас иштта элира цуьнах: "Орца дала, нохчийн мотт дIаболуш бу аьлча, ас олу, дIадовлийша, цуьнан кхо га чIогIа даьржина ду: тухуш берг, хьокхуш берг, юккъелелош берг а. Оцу генаша чIогIа зазахецна, цундела нохчийн мотт дIабер бац".

"Гоч" журналан тIехь еккъа ноххчийн маттахь йозанаш хилла Iийр дац. Наггахь, аьттоне хьажжина, нохчийн авторийн белхаш оьрсийн матте баха дагахь а ю редакци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG