ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ABBYY: Кавказхойн меттанийн хьашто цахиларна дац уьш дошамашкахь


ABBYY Оьрсийчоьнан компанино "Кавказ.Реалиига" дийцина, ABBYY Lingvo-н дошамашкахь, хIунда бу гIезалойн мотт, хIунда дац цхьана а кавказхойн къаьмнийн меттанаш. ABBYY Lingvo-н дошамашкахь билгалбаьккхина 18 мотт бу, аьлла компанино.

Оцу гIирсо таро ло ингалсан а, немцойн а, францхойн а, испанхойн а, италхойн а, туркойн а, украинхойн а, казахийн а, гIезалойн а, кхечу меттанашкара оьрсийн матте гочдан а, юха оцу меттанашка йозанаш даха а. ГIезалойн мотт боцург, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн меттанаш дац ABBYY Lingvo-н дошамашкахь.

"Оха керла меттанаш юкъадохуьйту, нагахь санна, оцу маттах пайдаоьцучеран интерес хаалахь", - аьлла, дийцина компанин векало.

Ерриге а ABBYY FineReader-на евзарш 192 меттанашкара тексташ ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG