ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шеран Олимпиаде ца юьту Оьрсийчуьра тоба


Пхенчханехь тIедогIучу 2018-чу шеран Iаьнан Олимпан ловзаршкахь дакъалаца дихкина Дуьненаюкъарчу Олимпийскан комитето Оьрсийчуьрчу тобанна, цара даим а антидопинган системехь хIилланаш леладарна. Спортан низамаш лардарна тIехь шога терго а латтош, бакъо елла дакъалаца, ша-ша цхьалха спортехь кхиамаш гойтучарна.

МОК-ан куьйгалхочо Бах Томас Лозаннехь дина и дIахьедар.

Допингаш пачхьалкхан урхаллаша а магош, спортхоша лелош хилар Iорадалар бахьана долуш доккха зен хилла Оьрсийчоьнан спортхошна.

Дуьненаюкъарчу Олимпийскан комитетан комиссино 2014-чу шарахь Сочехь хиллачу Олимпиадехь 25 атлета гайтина жамIаш юхадехира. 11 мидалх а йолуш, хьалхарчу меттигера 6-чу метте охьаелира Оьрсийчоь цу шарахь.

Масех оьрсийн спортхочунна гуттаренна а дисквалификаци йира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG