ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къизаллашна дуьхьало латточу Европан комитето толлуш ду Нохчийчуьрчу набахтешкара хьал


Нохчийчу баьхкина къизаллашна дуьхьало латточу Европан комитетан делегацин декъашхоша толлуш ду республикехь адамийн бакъонаш ларъярца долу хьал. "Новая газетано" яздарехь, бакъонашларъярхоша дIакхачийна Комитете бехк боцуш лецна латточарех информаци.

Комитетан декъашхоша толлуш ду документаш, къайлахчу набахтешкахь латтош тутмакхаш бу бохург а.

Делегацин мандатца, низамца догIуш лецнарш латточу набахтешка а, йина кхел йоцуш, низамаш хьоьшуш нах латточу меттигашка а дуьхьало йоцуш баха бакъо ю церан, билгалдаьккхина "Новая газетано".

XS
SM
MD
LG