Пхенчханехь хинйолчу Олимпиаде Оьрсийчоьнан тоба цайитар, "спортхойн сацам бац, тIингарш охкийначу хьаькамийн ямартло ю" аьлла Кадыров Рамзана. Телеграм-каналехь дина и дIахьедар мехкан куьйгалхочо.
"Шен шалхалло, стешхалло, хIилланнаша эрчаяьккхина юьхь юха а гайтина Малхбузено", - яздо Кадыровс.
"Оьрсийчоьнан байракх кIел шайн хьуьнарш гайта дезаш бу оьрсийн спортхой. Тхан даймохк а бу, дайн латта а ду", - аьлла, тIе а тухуш.
Иштта чIагIо йина Кадыровс, нохчийн цхьа а спортхо ловзаршкахь шайн йоцчу байракху кIел хIуттур бац аьлла.
"Олимпиаде бахийта кечбина нохчийн спортсменаш оха толамхой санна базбийр бу", - аьлла Кадыров Рамзана.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!