Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталлан (WADA) куьйгалхочо Риди Крейга дIахьедина, Къаьмнийн олимпикан комитето (МОК) Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна спортхой 2018-чу шеран Олимпиаде ца буьутш бина сацам бух болуш хилар. Пачхьалкхо къобал а деш, допингаца хIилланаш лелор ду Оьрсийчоьнна дуьхьал даьккхинарг. Организацин сайтехь бу и хаам.
Оьрсийчуьра Пхенчханерчу Олимпиаде битинчу спортхойн тептар листа МОК-а комисси кхолла сацамбар а тайна Ридина. WADA-н куьйгалхочо бахарехь, тоьшаллаш хила деза, и спортхой пачхьалкхан допингца гIо латточу схемаца боьзна ца хилла аьлла.
Де хьалха Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна спортан тоба 2018-чу шеран Iаьнан Олимпиаде ца юьтуш сацам тIеэцна. Допингах пайда шаьш эцна ца хиларх тоьшаллаш далийна спортхойн аьтто хир бу нейтралан байракх кIел къийсабала.
Шозза талламаш бинчул тIаьхьа МОК-ана гучудаьлла Оьрсийчоьнан Iедалша мага а деш, спортехь допингаш лелош хиллийла.
Олимпиаде спортсменаш ца битар, нейтралан байракх бухахь гайтар а цхьатерра шаьш кIезиг хетар ду аьлла, билгалдаьккхинера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Оьрсийчоьнан Олимпикан комитето хIиттийначу гурашкахь шаьш дакъалоцур дац Олимпиадехь аьлла, дIахьединера.
Делахь а, шинаридийнахь комитетан куьйгалхочо Жуков Александра хаамбина, кху беттан 12-чохь тIаьххьара а къастам бийр бу шаьш, Олимпиаде дахарх, аьлла.