ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Свинка" олу лазар даьржина Оьрсийчохь


Стохкалерчу шераца дуьстича, карарчу шарахь алсамдаьлла Оьрсийчохь эпидемин паротитан лазар токхучин терахь (свинка). Роспотребнадзоран статистийн зерашкахь бу и хаам.

"Эпидемин паротитан лазар кхеттачу нехан терахь кху шеран Iаьнан хенара гуьйре кхаччалц лерича 5-зза алсамдаьлла. 3948 адам билгалдаьлла и цамгар хьакхаелла. 17 шаре кхаччалц долу 1877 бер ду царлахь", аьлла, яздо Роспотребнадзоран документа тIехь.

Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Астраханан кIоштахь а уггар дукха бу билгалдаьккхина лазар токхурш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG