ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу банкехь тIелатар дина аьлла, шеконашца лаьцна Нохчийчуьра вахархо


Москохарчу банкехь цхьана стагна тIелатар дина аьлла, шеконашца нах лаьцна полицино. ГIалин керлачу хаамийн "Москва" агенталле бина и хаам полисхочо.

Цо бахарехь, кху беттан 1-чу дийнахь Ленинградан шоссерчу 13-чу цIийнерчу "Альфа-банкан" офисехь "балаклав" олу туьтмIаьжгаш йоьхкинчу шиммо тIелатар дина хиллера цхьана стагна.

26 шо долчу цунна уьрсаца кхерамаш а туьйсуш, 5 эзар сом даккха гIоьртинера тIелеттарш. Оццул ахча шегахь дац аьлла, 2, 5 эзар сом дIаделла хиллера цо. Цул тIаьхьа къайлабовла аьтто баьлла зуламхойн.

Талламаш бечу хенахь Михайловскан урамехь полисхоша лаьцна 14 шо долу Москохарчу спецшколан дешархо а, 21 шо долу Нохчийчьура веана жимстаг а. Цу шингара яьхна, тIелатар дечу хенахь цаьргахь хилла, балаклавш а, урс а.

Талор лелийна аьлла бекхтакхаман гIуллакх даьккхина цу шинна дуьхьал, дийцина меттигерчу полисхочо агенталле.

Кхиазхо чуьра аравалар а доьхкуш, шен цIахь витина, шолгIаниг полисхойн декъехь латтош ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG