ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федотов: Вовшийн зорбанаш "арахьарчу агентийн" статусе язъяр сацо дезара


Оьрсийчоьнан Iедалша сацор ду аьлла хета президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан куьйгалхочунна Федотов Михаилна, вовшийн хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" могIаршка яхар.

"Со чIогIа тешна ву оьрсийн Iедалша и спираль сацориг хиларх. Оцу тIехь саца мегар ду аьлла хета суна, цкъа делахь, Iамеркан юстицин министралло цхьа компани бен яьккхина а ца хилча "арахьарчу агентийн" статусе. Ткъа вай исс яьккхина", - аьлла Новости агенталле Федотовс.

Оьрсийчоьнан юстицин министралло Оьрсийчохь болхбе цхьамогIа хаамийн гIирсаш "арахьарчу агентийн" статусе яьхна.

Ю царлахь «Iамеркан аз» («Голос Америки») а, «Маршо Радио» медиакорпораци a, иштта «Карара Хан» («Настоящее Время»), «Фактограф», «Крым.Реалии», «Idel.Реалии», «Кавказ.Реалии» интернет-проект а, гIезалойн маттахь болхбен Маршо Радион сервис а.

RT телеканал Iамерко таIзаре ерзаяр бахьана долуш, шаьш Iамеркана делла жоп ду и аьлла Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG