ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ма мала къаьркъа, урамашкахь нораш хьекха ца лаахь..."


Нохчийчохь маларшца къийсам жигарбаьккхина Iедалан тIегIанехь.

Корта бахочу маларца къийсаман рогIера, цкъа а ца хиллачу агIор тулгIе йолийна Нохчийчохь. Мохьмад Пайхамар винчу баттахь и малар дохкар а, малар а дихкина. Хьалха санна, дашца а доцуш, баккъал а магийна дац иза цхьанхьа а мала хьовха, дохка а. Махкахь йисинчу шина туьканах цхьаммо иза дохкар сацийна.

Йисинарг ю Соьлж-ГIалан йистехь йолу "Лента" олу супермаркет. Амма меттигерачу бахархошна - нохчашна цигахь къаьркъа эцар кхераме ду. Иза эца а эцна, туьканара хьо ара ма велли, Iедалан белхахоша дIалоцу.

Иштта шен накъост а дIалаьцна аьлла, вотсапехула къамел даржийна хIокху стага: "Лентехь" хIуммаъ а ма эцалаш. Нах дIалоьйцуш бу шуна цигахь ара бовлушшехь. Сан доттагI лаца а лаьцна, дIа а вигина, чохь валлош волу 4-5 де ду".

Нохчийчура цхьайолчу кхачанан чоьнаш чохь къайлах магош дара малар, иза веанчо шеца деана делахь. Амма хIинца луьра таIзар дийр ду аьлла, дихкина ду иза а. Соьлж-ГIалара цхьана ресторанера долахочо элира Маршо Радиога, ша а, мелла чувеанчу шина клиентца гIаларчу полицин декъе дIавигнера аьлла. Шена тIедожира боху цо, чувеанчаьргахь малар дуй-даций, я уьш мелла буйла къастор.

Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а низамхошна тIедожийна, маларца къийсам чIагIбар. Иштта, дукха хан йоцуш цо омра делла машенна урхалла деш мелла стаг гучуваьлча, иза дIа а лаций, урамашкахь цуьнга нуй-горгам хьекхийта, ткъа цуьнгара схьаяьккхина машен дIайохка аьлла.

ХIоьттинчу хьоло дикачу агIор гойтуш яц республика, аьлла хета цхьаболчу бахархошна. Масала, Соьлж-гIаларчу вахархочо Нуцулханов Аюба цу хьокъехь иштта элира: "Гонах долу кхаьмнаш вайх дела а дуьйлуш, хьал хIоьттина вайн. Бусулба нах ду шаьш бохуш а дуьйцу цара. И маларш дIадахар-м дика хира дара, цхьана агIора. Амма и хIума ша хила ма деззара хила дезаш ма ду. Мелла стаг схьа а лаьцна, иза нахал ваккхарх дIадоьрзуш ма дац".

Iедалша шайн агIор даре деш дац, сел луьра чIагIамаш бина бохург. Шара кIоштера ХIима олучу эвлахь мелла нах цигарчу спортзалан чохь латтош бу аьлла, даьржинера дукха хан йоцуш.

Амма иза дукха сиха бакъ дац аьлла дIакхайкхира адамийн бакъонашкахула йолчу векалтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG