ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Росгвардин декъанна тIелатар диначеран декъах хилла аьлла, бехкевечу Джамалов ИбрехIиман дов хатта долор ду аьлла, хааме даьккхина Талламан комитето шен пресс-релизехь.

"Джамаловна дуьхьал даьккхина, иза гIаттамхойн декъехь лаьттина аьлла, бехкзуламан гIуллакх теллина даьлла", яздо хаамехь.

Талламчийн версица, Зазадоккхучу-баттахь Ноьвр-кIоштахь вовшахтоьхначу гIаттамхойн тобанах дIакхетта хилла Джамалов. Оцу беттан 24-чохь тIелатар динера Росгвардин тIеман декъанна. ТIематасадаларшкахь ялххе а тIелатархо хIаллаквинера, иштта вийра Росгвардин 6 эскархо, кханна чевнаш йира.

Пресс-релизехь яздарца, Джамалов тIелеттачаьрца хилла вац, амма кечамаш беш гIо латтийна ву. Карарчу хенахь кхи дIа листа кхеле дIахьажийна Джамаловн гIуллакхан материалаш.

Иштта лоьхуш ву Росгвардина тIелатар диначаьрца юкъахь хилла боху Бакаев Iела а.

Малхбузерчу зорбанаша яздарехь, Росгвардина дина тIелатар шайна тIелаьцнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.

XS
SM
MD
LG