ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIемашкахь хилла Оренбургера вахархо вийна


Нохчийчоь, хьалхара тIом боьду 1995-гI шо. Базарахь бепиг оьцу бахархой.
Нохчийчоь, хьалхара тIом боьду 1995-гI шо. Базарахь бепиг оьцу бахархой.

Оренбурган кIоштарчу Талламан комитето 16 шо долчу кхиазхочунна дуьхьал гIуллакх долийна, стаг вийна аьлла, шеконашца лаьцначу.

Еарийн буса Сакмарскан кIоштарчу цхьана эвлахь хилла и зулам.

Оцу эвларчу 40 шо долу вахархо волчу "Запорожец" олу машен эца веана кхо кIант. Буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь шиъ дIавахна, бухависинчуьнца дов иккхина хилла. Маларх кхеттачу кхиазхочо некхан ун тIе урс тоьхна, вийна хIусаман да.

Талламчаша чIагIдарехь, 40 шо долу стаг Нохчийчохь 90-чу шерашкахь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна хилар гучудалар бахьанца иккхина хилла цу шинна юкъахь конфликт.

Бехк шена тIеэцна кхиазхочо. Оцу гIуллакхна гонах талламаш бу дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG