ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президент хоржучу дийнахь Соьлж-ГIалахь 200 керла доьзал кхуллур бу


Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дIахьочу дийнахь Нохчийчохь 200 ловзар хIоттор ду аьлла, хаамбина пачхьалкхан Центризбиркоман декъашхочо Шапиев Сиябшаха.

"Сайн коллегаца, Нохчийчоьнан харжаман комиссин куьйгалхочуьнца къамел дира ас тахана. "ХIун ду керла?", ас хаьттича, цо жоп делира: "Тхо долчахь керла хIун ду аьлча, ламасташ кхи дIа а лардан дагахь ду тхо", - аьлла дийцинчу Шапиевн дешнаш даладо ТАСС агенталло.

Цо карладаьккхира, хьалха хиллачу харжамийн дийнахь 100 керла доьзал кхоллабелла хиларх. 2018-чу шарахь, цо бахарехь, 200 жимстаггий, зудаберрий ду цхьанакхеташ Оьрсийчоьнан президент хоржучу цхьана дийнахь.

Оьрсийчоьнан президент хоржур 2018-чу шеран Зазадоккхучу- беттан 18 -чхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG