ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Нохчийчохь боккха ши некъахьовзам хилла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарехь, Грозненск кIоштахь дуьхь-дуьхьал кхетта ши машен. Ший а машенлелорхо а, цаьрца хилла кхо пассажир а велла. Лазийна цхьаъ дарбан цIийнехь ву.

ШолгIа бохам Куьрчала кIоштарчу Куьрчалана а, Гелдганна а гена доццуш нисбелла. Тоькан бIогIамах машен а кхетта, чуьра цхьа пасссажир кхелхина, шофер а, кхи цхьа пассажир а дарбан хIусамехь ву.

XS
SM
MD
LG