ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь Оьрсийчоьнан тIеман зуламашна дуьхьал митинг еш бу нохчий


Австрехь дIахьош йолчу Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнаболхбаран а юкъараллин конференцин декъашхой гулбеллачу Венерчу ХIофбургана хьалха дуьхьалонан акци дIахьош бу нохчий. Меттигерчу Iедало санкци еллачу митингехь гулбеллачара кхайкхам бо оьрсийн делегацине, Нохчийчохь а, Шемахь а, Украинехь а адамийн бакъонаш хьешар сацадере а, оьрсийн эскарш арадахаре а.

Маршо Радионе митинг вовшахтоьхначара бинчу хаамца, дуьхьалонан акцехь дакъалоцу нохчех дIакхеттачу Австрехь бехачу украинхоша а, шемахоша а, меттигерчу юкъараллин жигархоша а.

Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнаболхбаран а юкъараллин конференци Венехь ГIура-беттан 7-чохь дуьйна дIахьош ю. Цигахь дакъалоцучу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрна Лавров Сергейний, Цхьаьнатохначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Тиллерсон Рексаний юккъехь дар - дацар иккхира конференцин хьалхарчу дийнахь, Украинера хьал бахьана долуш.

Лавров Сергейс НАТО тIеман альянсан политика а, Киевера Iедал а бехке дира Украинерчу хьолана. Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Тиллерсонс цунна дуьхьал бехке йира Оьрсийчоь, Малхбалерчу Украинехь сепаратисташна герз латторна.

"Оха цкъа а къобалдийр дац ГIирма ахгIайренна аннекси яр", - элира Тиллерсонс, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш юха йохур яц, Москоха шен эскарш Донбассера арадахалц аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG