ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боксерна Мейвезерна Нохчийчохь хIусам оьшу


Iамеркан боксеран Мейвезер Флойда-жимахволчун Оьрсийчоьнан паспорт а даьккхина, Соьлж-ГIалахь цIа хила лаар тIечIагIдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Веза хьаша, легенда-боксер, цхьангга а эша ца лун Мейвезер Флойд веанера Соьлж-ГIала", - яздина Кадыровс шен телеграмехь.

Цо бахарехь, цу шиннан къамел хилла боксах, Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а, доллу дуьненахь а и спорт кхио езарх а.

"Уггар мехалниг ду, Мейвезерна Оьрсийчоьнан вахархо хила лаар", - кхи дIа яздо мехкан куьйгалхочо.

"Иштта нислур ду аьлла хета суна. Оьрсийчоьнан паспорт суна лахь, сан Москох Iен шортта меттигаш бу, амма Соьлж-ГIалахь сайн хIусам хила лаьара суна", - аьлла, дIахьедина ша боксера а.

Иштта Кадыровс хаийтина, гоьбоьвллачу боксерашца карадогIучу шарахь Мейвезеран Соьлж-ГIала ван лаам хиларх а, оьрсийн боксерийн дог-ойла иракарахIотто.

Хьалхо Мейвезера дIахьединера, муьлхачу къомах и спортсмен велахь а, цIена хила веза иза, допингаш ца лелош аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG