ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIаялийна зуда ФСБ-но лаьцна


Дагестанан яхархо Будайханова Виктория дIалаьцна полисхоша, Шемара иза цIа йирзинчул тIаьхьа, хаамбина адвоката Магомедова Сапията.

Маршо Радионо хьалхо ма яздарра, байначу беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIала кеманца кхачийра Шемара 41 стаг, шайлахь зударий и, бераш а долуш. Царех 34 Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкара бара, Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а. 7 Узбекистанера а, Казахстанера а схьаяьлла яра.

Шен йоIаца Латакера юхайирзина Будайханова Виктория Соьлж-ГIала. Цул тIаьхьа дIалаьцна иза ФСБ-н белхахоша. ХIинжа-ГIаларчу СИЗО-хь а латтийна, карарчу беттан 1-чу дийнахь Москох кхачийна иза аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле, цуьнан интересаш хьалха яьхна лелачу адвоката Магомедовас.

Бехктакхаман гIуллакх дуьхьал а даьккхина 2016-чу шарахь дуьйнна лехамашка елла яра Будайханова.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG