ПIераскандийнахь Киевехь лаьцначу Саакашвили Михаила мацалла кхайкхийна аьлла, хаамбина цуьнан адвоката Чернолуцкий Руслана журналисташка. Цо зорбане даьккхина, Саакашвилис изолятор чохь шега делла кехат. Цу тIехь политико кхойкху бахархошка кIирандийнахь арадовлар, Украинан президенте дарж дитар тIедожочу акце.
Саакашвилина гонах талламаш бина бевлла, аьлла хаамбо прокуратуран пресс-секретара. Электронан буржал а тоьхна, дехьа-сехьа валар а дихкина, иза араваккхаран гIуллакх ду дийцаредеш.
Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарехь, политика дуьхьалонаш а ца еш, нисделла иза лацар.