ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коррупци юкъара яккхахь пачхьалкх юхур ю"


Дуьненаюкъара коррупцица къийсам латто де ду ГIуран-беттан 9-гIа терахь.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:41 0:00
Линкана тIе

Дерриге а дуьненахь коррупцица къийсам латто де ду аьлла, 14 шо хьалха дIакхайкхина таханалера де. 2003-чу шарахь Цхьанакхеттачу къаьмнийн цхьанатохаралло билгалдаьккхинера и де, оцу зуламна дуьхьало шуьйра яржо еза аьлла.

ХIетте а, тахана а коррупци чIогIа а, кIезга а йолу пачхьалкхаш къастаеш талламаш бо. Оцу тептарехь Непал, Гватемала, Казахстан пачхьалкхашца цхьана лаьтташ ю кху массийта шарахь Оьрсийчоь а, Transparency International цхьанатохаралло бинчу талламца.


Оьрсийчохь шуьйра даржа а дой, гIарадоккху коррупцица къийсам латтош бу олий. Iедалан ахча лачкъийна даржхой кест-кесста дIалацаро моттадолуьйту кху пачхьалкхехь оцу зуламца луьра къийсам латтош бу аьлла. Иштта хIора Iедалан хьукматан сайташ тIехь гуччохь лерина дакъа а ду "Коррупцица къйисам" аьлла цIе а йолуш.

Нохийчохь коррупци еккъа цхьа ша кхолладелла хIума санна дийца догIуш ду аьлла ца хета, оцу зуламах Маршо Радионо къамеле кхайкхинчу эксперташа.

ЧIара коьртера дуьйнна болало талха бохург бакъ ца хила йиш яц боху совдегаро Альтемиров Ризвана: "Шадерриг Москохара схьадогIуш ду. Муьлха а хьукмат схьаэцча и коррупци хьакхаелларг Iедалан белхахо хуьлу. И коррупци дIаяьккхалур йолуш а яц. Интернет чохь а, телехьожийлехь а цхьаболчара Нохчийчохь коррупци ю, ша мел йолу бюджет цига хьажийна ю бохуш, деш долу къамелаш, дика ойла йича, церан ахчанна тIера дIадоьдуш хIума а дац. Я ял а, я кхиерг уьш луш боцу дела".

Коррупцин баккхийчу бараман зуламаш кху тIаьххьарчу шерашкахь гIарадаьхна. Подполковник Захарченко миллиарадаш гучудаьлла чувоьллина, Оьрсийчоьнан экономика кхиорехьа министр хилла Улюкаев Алексей а ши миллион доллар кхаана эцна аьлла, чуволла хьийзош ву.

Царел а лаххара тIегIанера даржхой а кIезга бац. Оцу ша долчу хIумано сурт хIоттадо, Оьрсийчохь шуьйра дIабоьдуш бу коррупцица къийсам, амма, ма дарра бахьанаш а дуьйцуш, бакъболчу зуламхошна дуьхьало еш яц, аьлла дийцира юкъаралхочо Абубакаров Аслана: "Коррупци, бакъдерг дийцича, ерриге Оьрсийчохь ю. Иза цара лачкъош а дац.

Уггаре а лаккхарчу тIегIанера дуьйна ю. Иза дIа а ца яккхало цаьрга.Наггахь цхьаболчарна тIехь дечиг доккху, кхин хIума ца до. Норкинан "Место встречи" олучу передачехь Голикова Татьяне хаьттира, хьо Лараран палатан куьйгалхо ма ю, хьуна мел йолу кепек мича йоьду ма хаа, аьлла хаьттича, массара а лакъош ма дац иза элира.

Ша вериг ма вац лакъош, бIаьрг а теIош, цIе яьккха ца хIуттуш яра иза. Лаххарчу барамерачарна тIехь цара таIзар дар бен хIума дац иза. Олуш ма ду, вилспет лачкъаяхь 5-6 шо тухур ю. Миллиардаш лачкъадахь цхьа а хIума ца хуьлу. Вайн махкахь лачкъош дерг хIумма а йоцург ю".


Шаьш, Iедалхоша, коррупци юьйцучу хенахь билгалдоккху, цуьнца къйисам лар а луш, иза дIакхетта Iедал харц а ца деш, бан беза бохуш. Нехан коьртан чудиллина, коррупци дIаяьккхича пачхьалкх йоха а йоьхна, шу дахар хIаллак хир ду аьлла.

Иза аьттехь бакъ ца хилар гайтина, дукха гена вала а ца оьшуш, масала, Гуьржийчоьно, аьлла хета нохчиийн политтехнологна Эльсункаев Надирсолтана. Советан пачхьалкхан хиллачу дозанехь, уггаре а чIогIа коррупци яьржинчу махкахь Саакашвили Михаила динчо гойту, и эшалур юйла, элира цо: "Олуш хезна суна, цхьаболчу политикаша а, аналисташа а, коррупци дIаяьккхича пачхьалкх юхур ю.

Оцу Iедалехь болчу наха, шаьш халкъехь даржош къамелаш ду уьш, адаме шайна дуьхьал митингаш ца яйта. Коррупци дIаяьккхича пачхьалкх хIаллак хуьлу, я ца хуьлу Гуьржийчохь хиллачо гойту. Мел экономикан кхиам а, юкъараллан кхерамазалла а хуьлу оцу Гуьржийчоьно гайтина ду-кх вайна".

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира эххар а дIакхайкхий, президентан харжамашкахь дакъа лаца шен лаам хиларх.

Коррупцица, кху тIаьххьарчу ткъех шарахь ма дийццара, онда къийсам бан лерина ву ша цо эриг хиларна шеко йолуш дукха нах бац пачхьалкхехь.

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG