ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Этнографин диктант язъйина Нохчийчуьрчу хьаькамаша


Kadyrov's press secretary Kerimov Alvi writes dictation
Kadyrov's press secretary Kerimov Alvi writes dictation

Нохчийчуьрчу школашкахь дешаран, Iилман министралло дIакхайкхийна этнографин диктант хилла шоьтадийнахь. Махкарчу кеп-кепарчу бахархойн этнокултуран, историн хаарш лакхадахархьама юкъаяьккхина ю аьлла, яздо министраллан сайта тIехь и республикан акци. Дакъалаца аьтто бара оцу акцехь муьлххачу а Оьрсийчоьнан 14 шо кхаьчначу вахархочун.

Нохчийчоьнан исторех, географех, этнографех лаьттачу 100 хаттарна жоп дала дезара диктанте баьхкиначеран. Жоьпаш дала елла хан 2 сахьт дара.

АтагIарчу лоьмар 2 йолчу юккъерачу школехь этнографин диктант язъеш вовшахкхеттера махкарчу кеп-кепарчу даржашкара хьаькамаш а. Хилла царлахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Керимов Iалви а.

Инстаграмерчу шен агIон тIехь цо яздо, "Iаламат пайден а, интересе а, лаккхарчу тIегIанехь вовшахтоьхна барам а" иза хилла хиларх.

Тоьллачарна мехал совгIаташ лур ду аьлла министро Байханов Исмаила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG