ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь немцойн диалектан къовсамехь толам баьккхина нохчочо


Немцойн ХIессен лаьттарчу ишколийн лакхарчу классашкахь хIора шарахь дIахьош бу меттигерчу диалектехь немцойн мотт дика бийцарехь къовсам. Германехь цIеначу немцойн маттаца цхьаьна тайп-тайпанчу бундеслаьттанашкахь лелачу диалектийн меттанех уггаре а чолхечарна юккъехь ларалуш ю хIессенхойн диалект. Цу лаьттахь бина а, кхиъна а боцучу нахана Iамон чIогIа хала ларалуш а ю иза.

Кху шарахь йоллучу ХIессенерчу иттанаш ишколашкара 200 сов дешархоша дакъалоцучу Hessischer Mundart диалектан немцойн меттан турнирехь толам баьккхина нохчийн кхиазхочо. 13 шо долу Актемиров Рамзан ву иза.

Маршо Радионе цу кIентан гергарчара бинчу хаамца, диъ шо кхаьчна хилла Рамзан шен доьзалца Германе кхочучу хенахь. Цкъа хьалха Берлинехь а баьхна, цул тIаьхьа Франкфурте дIабаханчу АктемировгIеран доьзалехь воккхахверг ву Рамзан. ХIессенхойн диалект цо шен немцойн доттагIашца къамелаш деш Iамийна.

Актемиров Рамзана толам баьккхинчу диалектийн къовсамехь изий, Боснера орамаш долу кхин цхьа кIанттий дIаваьккхичахьана, массо а меттигерчу хIессенхойн доьзалшкара дешархой хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG