ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь Кавказера мухIажирш лоьцуш бу


Стамбулехь а, кхечу Туркойчоьнан гIаланашкахь а леца болийна Къилбаседа Кавказера нах. Болчу хаамашца, 22 ву лаьцнарг, царех дукхахберш Оьрсийчоьне дIабала тарло аьлла "Кавказдер" организацин куьйгалхочо Висхаджиев Iелас. Лецначарех гурахь дуьйна совцийнарш туркойн набахтешкахь бу.

Измирерчу депортацин куьпахь болчара мацалла кхайкхийна бохуш, даржадо социалан машанашкахь.

Интерполехула лоьхучарна экстрадици йина а ца Iаш, неформалан дехаршца дIабоьхурш а Оьрсийчоьне дIало Туркойчоьно аьлла политикан аналитико Сидоров ХIаруна. Хонкаран мухIажиршца йолу политика чIагIлур ю аьлла хета цунна.

Бутт карабеачхьана "Кавказан узел" агенталле Туркойчуьрчу кавказхойн организацешкара хаамаш кхаьчна, мухIажиршлахь кавказхой дIалехьош хиларх.

"Цхьа дакъа Стамбулехь лаьцна, важа Каяшехир кIоштара бигина, керлачу информацица, Нохчийчуьра цхьаъ лаьцна Iедало, пачхьалкхехь ваха магийна хан тIехъяларца. Ша заьIапхо ву иза, онкологин операци йина а ву коьртана. Оха цунна адвокат лехна", - аьлла, дийцина агенталле Висхаджиев Iелас шоьтадийнахь.

МухIажирийн гIуллакхкшкахула йолчу миграцин хьаькамашца къамел хилла шайн, шаьш гIуллакх толлур ду, Оьрсийчоьне цхьа а дIа а лур вац аьлла чIагIо йина шайна аьлла "Кавказдер" организацин куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG