ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхой къинтIера бахийтина Москохарчу оьрсийн студенте


Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юьртабахаман Академин студентна масийттазза тоха а тоьхна, гечдар дехийтина Кавказерчу мехкарех социалан машанашкахь йитина комментареш бахьана долуш. Оцу инцидентна гонах талламаш болийна. Москохарчу студентна Князев Алексейна кхерамаш туьйсуш, маьттаза мотт а лебеш, тIедожийна хилла къинтIерабахар.

Социалан машанехь яьржина хилла и видео. Оьрсийн кегийчу нахаца хIунда ца магадо кавказхойн зудаберашна цхьанабеттабала, боху хаттар дийцаредечу хенахь, Князев кхетош, зудаберийн гергарчара могуьйтуш дац аьлла, яздина хилла Кавказерчу бахархоша. Оьрсийчоьнан низамаша магош дац цхьаннан а маршонаш хьеша аьллачу кIантана, кхерамаш тийса буьйлабелла хилла интернетехь кавказхой. Академина гена доццучу меттиге иза дIа а вигина, кавказхой къинтIера бахийтина кIанте, дерриг видео тIе дIа а яздеш..

Талламан комитето листа долийна и гIуллакх. Цара толлуш ю кIантана тIехь ницкъ бина боху информаци а тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG