ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кегийрхойн организаци листа дагахь ю Москох иккхина инцидент


Нохчийн кегийрхойн юкъаралла къамел дан лерина ю Москохарчу юьртбахаман Академин дешархочунна тIелатардиначаьрца. "Москоха дуьйцу" радиостанцин эфирехь дина и дIахьедар кегийрхойн юкъараллан лидеро Тапаев Рустама.

"Хулиганлла ю иза. Бен дац, хьулийла уьш бусулба я керстан динан векалш, оцу кIантера массарна а гергахь гечдар даьккхина цара. Суна хетарехь, интернетехь иккхинчу конфликтан лорах бахана, кхи дIа а юкъаметтигаш къесто буьйлабелла уьш", - аьлла Тапаевс.

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юьртабахаман Академин студентна масийттазза тоха а тоьхна, гечдар дехийтина Кавказерчу мехкарех социалан машанашкахь йитина комментареш бахьана долуш.

Москохарчу студентна Князев Алексейна кхерамаш туьйсуш, маьттаза мотт а лебеш, тIедожийна хилла къинтIерабахар.

Князевн версица Радиостанцино дийцарехь, университетехь урокаш чекхевллачул тIаьхьа, цхьа жимстаг веана хилла цунна тIе.

"Интернетехь дийцаре динчех цхьаъ ву ша элира цо. Девне а ца вуьйлуш къамел дан волавелира тхойшиъ. Цул тIаьхьа территорел дехьа ваьлча, цхьаццанхьара 5 кавказхо схьакхийтира тхошиннах. Уьш чугIерта буьйлабелира суна, гуш дара, уьш цхьана бартаца лелийла", - аьлла Князевс радиостанцина еллачу интервьюхь.

Конфликт йирзинчул тIаьхьа, студенто деканате дIахаийтина хиллачу инцидентех. Универан администрацино гIо а даьккхина цуьнгахьа. Талламаш болийна. дIахьош бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG