ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь эскархой байарна а бехке ван мега Крымшамхалов а, Деккушев а


Нохчийчоь, Маршо Радион архиевра сурт.
Нохчийчоь, Маршо Радион архиевра сурт.

Волгодонскехь а, Москох а 1999-чу шарахь цIенош лелхийтарна валлалц чувоьллинчу Крымшамхалов Юсуфна а, Деккушев Адамна а дуьхьал керла бехктакхаман дов долийна Оьрсийчоьнан прокуратуро. «Коммерсанто» бинчу хаамца, цу шинна бехке дуьллуш ду Нохчийчохь оьрсийн тIеман коврана тIелатар дар.

Цу хьокъехь шеко кхоллаела Соьлж-ГIалахь «Кхарачойн джамаIаматан» декъашхошна тIехь кхел дIахьош.

Талламхоша чIагIдарехь, Крымшамхалов а, Деккушев а декъашхой хилла Басаев Шемила а, ХIаттаба а куьйгалла а деш, 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Червленни эвлан йистехь Оьрсийчоьнан тIеман коврана тIелатар диначу тобанан. Цу тIамехь вийра 15 эскаррхо, 28 чевнаш йина вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG