"Оьрсийчоьнан аьчган некъаш" компанино Украина юьстах а юьтуш цIерпошташ лелар долийна ГIура-беттан 11-чу дийнахь дуьйна. ХIинца Оьрсийчоьнан къилберчу кIошташка лела цIерпошташ евр яц Укаинин территори тIе.
ХIинццалц Оьрсийчоьнан цIерпошташ лелара Луганскан кIоштан территори тIехь болчу аьчга некъахула, шозза Украинин доза а хадош.
Украинин инфраструктурин министро Омелян Владимира дIахьедар дина цу хьокъехь, Оьрсийчоьнан Iедалша бинчу сацамо цхьа а вочу агIор Iаткъам бийр бац Украинина аьлла. Цунна хетарехь, Украина юьстах а юьтуш цIерпошташ леларо лахдийр ду терракташ хила мегаш хилар.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!