ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кинотеатраш схьайоьллур ю СаIудийн пачхьалкхехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

35 шарахь дихкина хиллачул тIаьхьа кино гайта бакъо елла СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь, хаам бо Маршо Раион Оьрсийн сервисо.

Хьалхара кино гойту хIусамаш схьайоьллур ю цу махкахь 2018-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Цу кепара сацам бина паччахь хир волчу принцо Бин Салман Мохьаммада.

СаIудийн културан министралло бинчу хаамца, пачхьалкхехь дIадолийна кинотеатрашна болх бан оьшуш йолу лицензеш ялар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG