ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА турнирехь нохчийн "Ахмат" эшийна гIиргIизойн "Жаш куча"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Иэйинчу кепехь латарехь ГIиргIизойчуьрчу "Жаш куч" клубо эшийна Нохчийчуьра "Ахмат" клуб. Цунах лаьцна хаам бо gezitter.org сайто. Къовсадалар хилла Бишкекерчу спортан хIусамехь ГIура-беттан 9-чу дийнахь.

ГIиргIизойн ММА JFC клубана Iуналла деш ву цу мехкан парламентан депутат Сулайманов Алтынбек. Ткъа, хууш ма хиллара, "Ахмат" клуб кхоьллинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

"Жаш куч" клубо эшийна "Ахмат" жамI 3:1 долуш, яздо kyrgyztoday.org сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG