Батта тIе бахарца йоьзна программа юхайолоран директивана тIе куьг таIийна Iамеркан президенто Трамп Доналда. Иза кхочуш яр сацийнера цулла хьалха президентан даржехь хиллачу Обама Барака.
Трампан директивица а догIуш, астронавташ юха а Батта тIе бохуьйтуш, ткъа хена йохалла Марса тIе экспедици хьажош а Iамеркан къоман космосан агенталло (NASA) цхьаьнакъахьоьгур ду долахь йолчу компанешца.
Iамеркахой тIаьххьара Батта тIе бахана 1972-чу шарахь. Президенто Трампа директива тIеоьцуш хиллачу церемонехь дакъалоцуш вара Батта тIехь хилла шолгIа астронавт Олдрин Базз а (хьалхара вара Армстронг Нил), тIаьххьара Батта тIехь хилла Шмидт ХIаррисон а.