Оьрсийчоьнан Олимпан комитето магийна шайн спортхошна 2018-чу шарахь Къилба Корейхь хир йолчу Iаьнан Олимпиадехь нейтралан байракхца дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.
ГIура-беттан 5-чу дийнахь Дуьненаюкъарчу олимпан комитето юьстахйитира Оьрсийчоьнан спортхойн тоба, Пхёнчханехь хир йолчу Олипиадина. Цу комитетан декъашхоша и сацам бира, Кремло спортехь допингах пайда эцаран система кхоьллина хиларна.
ГIура-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчуьрчу спортхоша дIахьедар дира, шаьш кийча хиларх лаьцна 2018-чу шеран Олимпиадехь нейтралан баракхца дакъалаца. И дIахьедар зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан Олимпан комитетан сайта тIехь.